Нохчийн меттан Де!

25.04.2024
Оханан беттан 25-гIа де – Нохчийн меттан де. ⠀ Тахана вай билгалдоккхуш ду къоман уггаре а коьртачух долу даздар - Нохчийн меттан де! Ненан маттахь къамел до вай вешан берашца, оцу маттахь Iамадо дайн сийлахь ламасташ, оьзда гIиллакхаш, йовзуьйту дуьненан хазалла, исбаьхьалла. Цундела муьлххачу йукъараллин а декхар ду шен ненан мотт Iалашбар, кхиор, тIекхуьучу чкъурана синхазна дIакховдор. Дезачу дийно декхаре до ненан меттан хазна ларйарехьа кхин а чIогIа къахьега. Мотт къоман коьрта билгало йу. ХIунда аьлча, шен мохк а, мотт а боцург къам дац! Кху дезачу дийно вайна массарна а дагадоуьйту массо халкъан шен, кхечерачух къаьсташ йолу, культура, ГIиллакхаш, ламасташ хила бакъо хилар а, и хазнаш ненан маттаца йоьзна хилар а. Вай гуттар а дагахь латто деза билггал нохчийн матто гIo до къам оьзда, иманехь хилийтарна. Даггара декъала до Нохчийн меттан денца дерриге нохчийн къам а, нохчийн мотт кхиорехь къахьоьгуш болу Iилманчаш а, хьехархой а. Xазаллин, дикаллин, доттагIаллин де хилла лаьттийла вайна Нохчийн меттан де!